bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 19
Isaiah 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 20 →
1
ХӀара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тӀехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цӀуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дӀайолу.
2
«Аса мисархой мисархошна дуьхьал карзахбохур бу, тӀаккха ваша веших а, доттагӀа доттагӀчух а, гӀала гӀаланах а, пачхьалкх пачхьалкхах а летар ю.
3
Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цӀуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тӀедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тӀегӀур бу уьш.
4
Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тӀехь олалла деш», — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
5
Нил-хи а жимлур ду, арахула догӀу хи а, лакъа а лекъна, дӀадер ду.
6
Хин татолех вон хьожа йогӀур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргӀалдулур ду.
7
Нил-хин бердашна тӀехь йолу ораматаш а, цигахь дӀа мел дийна ялта а дакъалур ду. Мохо дӀаса а даржийна, уьш кхин хир дац.
8
Нил-хи чу мӀара тосуш болчу чӀерийлецархоша узарш дийр ду, уьш боьлхуш хир бу. Хи чу бойнаш тосуш берш дог дешна хир бу.
9
Ветанах хӀуманаш йийраш дог доьхна хир бу. КӀади дуцурш гӀайгӀане хир бу.
10
КӀадидархой боьхна хир бу, тӀелаьцна белхалой гӀаддайна хир бу.
11
ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла. ПирӀунан хьекъалечу хьехамчаша сонта хьехамаш бо. Аша муха эр ду пирӀуне: «Со хьекъалечу стеган а, ширачу паччахьийн а кӀант ву»?
12
Ва мисархойн паччахь, хьан хьекъалчаш хӀинца мичахь бу те? Массо а ницкъийн Везачу Эло Мисаран къомана дан леринарг хӀун ду цаьрга дийцийта а, массо а нахана хьалха довзийта а!
13
ЦоӀан-гӀалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гӀалара баьччанаш Ӏехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чӀогӀа тӀулг санна хила безнехь а.
14
Везачу Эло оцу куьйгалхойн синош галдаьхна, ткъа цундела цара берриг а мохк харц новкъа баьккхина массо а хӀуманна тӀехь. Вехна стаг шен Ӏеттораш тӀехула ма-леллара, лелаш бу мисархой.
15
Мисар-махкахь цхьаьнгге а хӀума далур дац шен къомана — коьрте а, я цӀогане а, лекхачу гаьнне а, я лохачу эрзе а.
16
Цу дийнахь мисархой, зударий санна, кхерабелла хир бу. Массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал айинчу куьйгах кхоьруш, бегош хир бу уьш.
17
ЯхӀуд-мохк хьахор къемат хир ду мисархошна. И мохк шайна цхьаммо дагабаийтича, мисархой Ӏадийна хир бу, массо а ницкъийн Везачу Эло шайна дуьхьал дан леринчух а кхоьруш.
18
Цу дийнахь Мисар-махкара пхеа гӀалахь канаӀанхойн мотт а буьйцур бу, массо а ницкъийн Везачу Элан долахь хила чӀагӀо а йийр ю. Цхьана гӀаланах «Маьлхан гӀала» эр ду.
19
Цу дийнахь Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч хӀоттор бу Мисар-махкана юккъехь, ткъа дозанехь Везачу Элана лерина тӀулг хӀоттор бу.
20
И хӀуманаш массо а ницкъийн Веза Эла Мисар-махкахь хиларан билгало а, тоьшалла а хилла дӀахӀуттур ю. Мисархоша, шайна мостагӀаша ницкъ беш хиларна, Везачу Эле орца даьккхича, Цо паргӀатбохур бу уьш, царна тӀе уьш кӀелхьарбохург а, гӀодоккхург а вахийтина.
21
Везачу Эло Ша вовзуьйтур ву мисархошна, ткъа цу дийнахь мисархоша Иза шайн Дела хилар къобал а дийр ду, Цунна, дийнатан а, кӀен а сагӀанаш а дохуш, Ӏибадат а дийр ду. Везачу Элана нигаташ а дина, уьш кхочуш а дийр ду цара.
22
Везачу Эло мисархошна таӀзар дийр ду. ТаӀзар а дина, юха мисархой тобийр бу Цо. Уьш Везачу Элана тӀебоьрзур бу. Церан доӀанаш а хезна, царна дарба дийр ду Цо.
23
Цу дийнахь Мисарара Ашур-махка боьду боккха некъ хир бу. Ашурхой Мисара богӀур бу, мисархой Ашур-махка гӀур бу. Мисархой ашурхошца цхьаьна Везачу Элана Ӏамал еш хир бу.
24
Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна.
25
Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам».
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66