bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 26
Isaiah 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 27 →
1
Цу дийнахь ЯхӀуд-махкахь йиш локхур ю: «Тхан гӀала чӀогӀа ю. Гонах долу пенаш санна а, арахула йолу чӀагӀонаш санна а, Везачу Эло тхуна кӀелхьардовлар ло.
2
ДӀаделла кевнаш, Везачу Элан лаамехь долу, Далла тешаме долу халкъ чудаийта.
3
Шен дагахь дерг чӀагӀдийриг Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву, хӀунда аьлча иза Хьох тешна Ӏаш ву.
4
Массо а хенахь Везачу Элах тешна Ӏаш хила, веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела.
5
Лакхахь Ӏаш берш Цо лахбира, лакхахь йолу гӀала Цо лахйира. Лаьтта тӀекхаччалц иза йохийра, ченала Цо и гӀала йожийтира.
6
ГӀело хьегначийн гӀулчаша а, мискачу нехан когаша а хьоьшуш ю и гӀала.
7
Хьан лаамехь волчун некъ нийса бу, Веза Эла, Ахьа нисдо цуьнан некъан тача.
8
Ахь тӀедехкинаршца а лелаш, Веза Эла, Хьоьга хьоьжу тхо. Хьан цӀе дагахь латто а, Хьо хьехо а бен тхан лаам бац.
9
Сан са буьйсанна Хьо волчу гӀерта, ткъа Ӏуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху. Хьан кхел лаьтта тӀехь кхочушхилча, дуьнен тӀехь бехачарна нийсо Ӏема.
10
Ӏесачу стагах къинхетам бича, цунна нийсо Ӏемар яц. Везачу Элан возалле ца хьожуш, Делан лаамехь болчеран лаьтта тӀехь зуламаш лелор ду цо.
11
Хьан куьг лаккха хьалаайина ду, Ӏесачу нахана таӀзар дархьама, Веза Эла, амма царна иза ца го. Хьайн халкъе болу кӀорга безам гайтахьа, цунна эхь хетийтархьама. Хьайн мостагӀашна леринчу цӀеро берриш а дӀакхоллийла Ӏесанаш!
12
Веза Эла! Ахьа синтем дӀахӀоттабо тхуна. Оха мел динарг Ахь тхуна кхочуш ма дина.
13
Тхан Веза Дела! Хьо воцург, кхин олахой а хилла тхуна тӀехь куьйгалла деш, амма Хьан цӀерана бен оха хастам ца бо.
14
И белла олахой денлур бац, церан синош гӀовттур дац. Царна таӀзар а дина, Ахь уьш хӀаллакбина. Царах йолу эсс Ахь ерриг а йохийна.
15
Ахьа халкъ дебийна, Веза Эла. Халкъ а дебийна, Хьайн сий айина Ахьа, лаьттан дозанаш шордина.
16
Веза Эла! Халачу муьрехь Хьан халкъо Хьо лоьхура, Хьан таӀзар ша ловш тийна доӀанаш дора цо.
17
Берах йолчу зудчо, бер хуьлу хан тӀе а кхаьчна, лазарша ша хьийзош, мохь хьоькхуш санна, дара тхо Хьуна хьалха, Веза Эла.
18
Берах долуш санна, бала а хьоьгуш, оха дуьнен тӀе доккхург, мох санна, даьсса хӀума ду. Лаьттана кӀелхьардалар а ца делла оха, дуьненан бахархой а ца эгийтина оха.
19
ХӀетте а, Хьан белларш денлур бу, Хьан халкъан декъий гӀовттур ду! Ченахь мел Ӏохкуш берш, гӀовттий, хазахетарца мохь хьекха! Ӏуьйренан Хьан тхи — иза денлуш долу тхи ду, Ахь иза лаьттахь болчу беллачарна тӀе дожадо».
20
ДӀагӀо, сан халкъ, хьайн хӀусамаш чу а гӀой, неӀарш дӀакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгӀазалла дӀаяллалц.
21
ХӀунда аьлча Веза Эла ву Шен хӀусамера араволуш лаьтта тӀехь бехачарна таӀзар дан, церан къинош бахьаненна. Лаьтто схьадоьллур ду шена тӀехь Ӏанийна долу цӀий, кхин къайлабохур бац байина нах.
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66