bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 47
Isaiah 47
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 46
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 48 →
1
«Чу а йоссий, чена тӀе охьахаа, йоӀстаг санна йолу Бавел-гӀала. Олаллин гӀантан метта, лаьтта тӀе хаа, хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а.
2
Хьеран тӀулгаш схьа а эций, дама ахьа! ДӀадаккха хьайн йовлакх, хьалаайае хьайн коч. Голаш гучу а яхий, хийх дехьаяла.
3
Хьан ерзина хилар гуш хир ду, хьан эхь нахана гучудер ду. Ас бекхам бийр бу, цхьаннах а къинхетам бийр бац».
4
Вай мехах ПаргӀатдохург Исраилан Веза Дела ву, ткъа Цуьнан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.
5
Везачу Эло Бавеле боху: «Тийналлехь а Ӏе, бодашка дӀа а гӀо, хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала. Кхин цкъа а эр дац хьох пачхьалкхийн зуда-паччахь.
6
Сайн халкъана оьгӀазвахнера Со, Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас. Ас уьш хьан кара дӀаделлера, амма ахь царах къинхетам ца бира. Ур-атталла къанвеллачунна а хьайн деза дукъ тӀедуьллура ахь.
7
Ахь олура, хьо гуттара а зуда-паччахь хир ю. Амма и хилларш хьайн даг тӀе ца эцна ахь, паччахьаллин чаккхенан ахь ойла ца йина.
8
ХӀинца ладогӀа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Ӏаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Ӏаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“.
9
Амма цӀеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хӀума хьуна тӀе догӀур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хӀуманаш кхоччуш хьуна тӀе догӀур ду.
10
Хьо хьайн мекарлонех тешна яра. Хьуна моьттура, хьо цхьанна а гур яц. Хьан хьекъалалло а, хаарша а хьо некъах тилийна. Хьо Делаца а нисъеш, хьайн дагахь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац“.
11
Амма хьуна тӀе бохам богӀур бу, бозбунчаллица иза дӀабаккха ахь могуьйтур дац. Сингаттам хьоьга кхочур бу, хьан ницкъ кхочур бац иза сацо. Хьуна дагахь а доцуш долу хӀаллакьхилар цӀеххьана догӀур ду хьуна тӀе.
12
ДӀаӀе айхьа лелочу молханашца а, хьайн дерриге а бозбунчаллашца а, ахь жима йолуш дуьйна лелийна уьш. Цара хьуна гӀо дан а там бу, цара хьан мостагӀий Ӏадо а там бу.
13
Хьо кӀадъелла, хьайна дукха хьехарш дарна. Хиндерг хаархьама стигалш дӀасайоькъучаьрга а, стигаларчу седарчех дерг толлучаьрга а, хӀора баттахь хьуна хиндерг дуьйцучаьрга а, шайн метта схьа а хӀиттина, хьо кӀелхьаръяккхийта.
14
Уьш чен юьхкаш санна ю: цӀеро уьш багор бу! Цаьрга ур-атталла шаьш а кӀелхьар ца бахало цӀерах. Ша вохвалархьама кӀоранах йолу цӀе иза хир яц, уллохь хиъна Ӏархьама йолу цӀе иза хир яц.
15
Церан дуьхьа хьо къахьоьгуш а яра, цаьрца хьо, жима йолуш дуьйна, йохкаэцар лелош а яра, амма хьан дуьхьа цаьрга хӀумма а далур дац. Царах хӀора а шен новкъа дӀавахана, цхьа а ца висна хьо кӀелхьаръяккха».
← Chapter 46
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 48 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66