bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 16
Isaiah 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 17 →
1
«Вайн лаьттан олахочунна совгӀатна Ӏахарий дахьийта СилаӀ-гӀалара яьссачу аренгахула Цийонан йоӀан лам тӀе».
2
Бенаш чуьра ара а кхиссина, кхерсташ лелачу олхазарех тера хир бу Муабин зударий Арнон-хин гечонаш йолчохь.
3
«Хьехар лохьа, хӀун дан деза алахьа, — боху муабахоша ЯхӀудан халкъе. — Буьйсанан бодано санна, дийнахь хьайн ӀиндагӀца дӀахьулдехьа тхо, ларбехьа лаьхкина лелош берш, девдда лелаш долу тхо Ӏора ма дахахьа.
4
Хьо волчохь Ӏайтахьа сан лаьхкина лелош болу муабахой, хӀаллакбечух йолу дӀалечкъийла царна хилахьа». Ницкъбийриг дӀавер ву, хӀаллакдар а соцур ду, гӀело йийраш лаьтта тӀера дӀабевр бу.
5
ТӀаккха хедар боцучу безаман бух тӀехь паччахьалла дӀахӀоттор ду, Даудан тӀаьхьенах волчу тешамечу паччахьо олалла дийр ду. Иза бакъдерг лоьхуш волу кхелахо хир ву, нийсо лело сихлур а ву.
6
«Муабин кураллех лаьцна хезна тхуна, цуьнан деза деттарх а, дозаллах а, чуьравийларх а хезна. Амма цуьнан деза деттар эрна ду».
7
Цундела муабахой боьлхур бу, цара массара а Муабин къомах белхар дийр ду. Кхир-Хьарсат-гӀалара Ӏаьвдинчу кемсийн курсаш дага а оьхуш, аша узарш а дийр ду, шу дог доьхна а хир ду.
8
Цу хенахь иштта хир ду: Хьешбон-гӀалина уллора кхаш дакъалур ду, ткъа Сибма-гӀалин кемсийн бошмаш мазакъъевр ю. Кхечу къаьмнийн олахоша бошмийн тоьлла йолу таьллангаш хьоьшур ю. ДӀаяханчу хенахь и таьллангаш ЯӀзир-гӀалина тӀекхаччалц яьссачу ара кхочура, кемсийн таьллангаш, дӀаса а яьржаш, хӀордал дехьайовлуш яра.
9
Цундела со а, ЯӀзирера бахархой санна, тийжар ву хӀаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бӀаьрхиш Ӏенор ду ас, Хьешбон-гӀалара а, ЭлиӀала-гӀалара а бахархой, хӀунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гӀовгӀанечу самукъадаларан метта тӀеман маьхьарий детташ ду.
10
Токхечу лаьтта тӀера самукъадалар а, доккхадедар а дӀаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дӀасацийна.
11
Цундела мерзаша роггӀана дагадо пӀелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан.
12
СагӀа доккхучу шайн гуна тӀе хьала а бовлуш, муабахоша шаьш кӀадбахь а, шайн деланийн цӀенна тӀе а баьхкина, шаьш доӀанаш дахь а, гӀуллакх хир дац.
13
Иза дара Везачу Эло дукха хенахь дуьйна хьалха муабахойх аьлла дош.
14
Ткъа хӀинца Везачу Эло иштта боху: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, кхо шо даьлча, Муабин сийлалла дерриг а цуьнан доккхачу халкъаца хӀаллакйийр ю. Бисинарш вуно кӀезиг а, ницкъ боцуш а хир бу».
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66