bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 30
Isaiah 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 31 →
1
«Къа ду аьрхачу нехан, — боху Везачу Эло. — Цара Ӏалашонаш хӀиттайо, амма уьш Сайнаш яц, харцделанашна чагӀаран сагӀанаш дахарца цара берташ бо, амма уьш Сан Синера бац, цхьана къинна тӀе кхиниг а тухуш.
2
Сох дага а ца бовлуш, Мисар-махка боьлху уьш, пирӀуне гӀо дехархьама а, Мисаран ӀиндагӀехь дӀалачкъархьама а.
3
Амма пирӀуно деш долу гӀо эхье хир ду шуна, Мисаран ӀиндагӀехь дӀалачкъар а сий дайаре доьрзур ду.
4
Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоӀан-гӀалина а, Хьанас-гӀалина а тӀекхаччалц белахь а,
5
берриге а яхӀудхой юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу шайна пайденна доцу и халкъ бахьанехь. Цуьнгара я гӀо а, я пайда а хир бац царна, амма эхь а, юьхьӀаьржо а хир ю».
6
ХӀара бу НегӀаб яьссачу арахь долчу дийнатех лаьцна хаам: «Шена чохь дуккха а лоьмаш долчу а, шена чохь дӀаьвше лаьхьанаш а, саьрмикаш а долчу сингаттамечу а, кхерамечу а махкахула дӀабоьлху яхӀудхойн векалш. Шайн варрашна а, эмкалшна а тӀедехкина, деза совгӀаташ хьо цара цхьана а агӀор шайна дан гӀо доцучу халкъана.
7
Мисар-махко до гӀо цхьана а агӀор пайденна дац. Цундела туьллу Ас цунна цӀе: „Кхераме боцу саьрмик“, — аьлла».
8
Везачу Эло элира: «ХӀинца, ваха а гӀой, экъан тӀехь дӀаязде иза царна, тептар тӀе язде, тӀейогӀучу ханна, гуттаренна а иза дисийта.
9
ХӀунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогӀа ца лууш а ду.
10
Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хӀиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе.
11
Бита нийса некъ, дӀадовла бакъдолчу новкъара. Тхуна ца лаьа шун Исраилан Везачу Делах лаьцна хаза“».
12
Цундела иштта боху Исраилан Везачу Дала: «Сан дош емал а дина, гӀелонна а, гамделлачунна а тӀетевжина шу.
13
ХӀара къа шуна хӀаллакьхиларна хир ду. И къа, хероно боькъу лекха пен санна, дӀасашорлур ду. Шу санна болу и пен охьабожа боллуш хир бу. ТӀаккха цӀеххьана пен охьабужур бу.
14
И пен, кхийра кхаба санна, кегбина хир бу. Цуьнан кескаш юкъара цхьа а пайден хир яц. Царах цхьанна а чохь пешара цӀе я гӀун чуьра хи дӀахьойла дац».
15
Хьалдолчу Эло, Исраилан Везачу Дала, иштта боху халкъе: «Соьга, юха а дирзина, шу хьоьжуш делахь, кӀелхьардевр ду шу. Шу собарца Сох тешахь, ницкъ хир бу шуьгахь». Амма шу реза ца хили иза дан.
16
Мелхо а, аша боху: «Говрашкахь девдда дӀагӀур ду тхо». ХӀаъ, шу девдда дӀагӀур ма ду! Аша боху: «Чехкачу говрашкахь тхо девдда дӀагӀур ду». ХӀаъ, амма шуна тӀаьхьабевллачеран говраш кхин а сиха хир ю!
17
Шух эзар водур ву цхьана мостагӀчо шуна кхерам тесча, ткъа царах пхеаммо шу массо а водуьйтур ву. Шун эскарх хӀумма а юьсур яц, гунна буьххье йоьллина тӀехь байракх йолу гӀаж санна кӀезиг берш бен.
18
Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хӀунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш.
19
Ярушалаймехь Цийон-лам тӀехь Ӏаш долу халкъ, хьо кхин доьлхур дац. Ахь орца даьккхича, Везачу Эло хьуна диканиг дийр ду. Ахь гӀо доьхуш Шена хезча, Цо хьуна жоп лур ду.
20
Хьалдолчу Эло шуна, халкъан нах, бепиг санна, гӀайгӀа лур ю, ткъа хи санна, гӀело лур ю. Делахь а, шуна хьехамаш бийриг кхин лечкъина хир вац. Шайн бӀаьргашца иза гур ву шуна.
21
Шун лергашна хезар ду шайна тӀехьа аьлла дешнаш: «ХӀара бу некъ, цу тӀехула гӀо дӀа», нагахь шу, новкъа дӀадоьлхуш, аьтту я аьрру агӀор дӀадерзахь.
22
ТӀаккха аша детица кхелина болу шайн цӀуш а, дешица кечдина долу суьрташ а кхиссина дӀадохуьйтур ду, боьха нехаш санна: «Яхийта кхузара!» — аьлла.
23
Везачу Эло догӀа доуьйтур ду аша лаьтта дӀадийначу хӀуьнна тӀе, тӀаккха шун ялта хьийкъина а, токхе а хир ду. Шуьйрачу дежийлашкахь дежаш дуккха а даьхни хир ду шун.
24
Аренашкахь болх беш долчу шун стерчаша а, варраша а шаданций, белаций, оруш, цӀанбина чоме хӀоъ буур бу.
25
Дуккха а адамаш дайар хиллачу дийнахь, бӀаьвнаш йохийна хӀаллакйича, хӀора лекхачу лома а, хӀора боккхачу гунна а тӀера хин татолаш охьахьодур ду.
26
Беттан серло малхан серло санна хир ю, ткъа малхан серло ворхӀазза сов сирла хир ю, цхьана денна чохь йолу ворхӀ дийнан серло санна. И дерриг а хир ду Везачу Эло, Шен халкъана йина чов дӀа а йихкина, Ша цунна динчу лазарна дарба дечу хенахь.
27
Хьажал, Веза Эла геннара схьавогӀуш ву, ткъа Цуьнан оьгӀазалла цӀе санна йогуш ю. Цуьнан хаам чӀогӀа хала а, беза а бу. Цуьнан балдашкахула арадолург дераллех дуьзна ду, ткъа Цуьнан маттаца дуьйцург дӀакхоллуш йолу цӀе санна ду.
28
Цуьнан садеӀар логе кхаччалц хьаладаьллачу дистинчу хих тера ду. Цецаца Цо къаьмнаш дегадо, диканиг вочух дӀакъасторхьама. Халкъийн мочхалшна Цо гаьллаш йохку, церан новкъа тӀера уьш зуламечух дӀадигархьама.
29
Ткъа аша, Далла лериначу дезачу дийнан буьйсанна санна, эшарш лоькхур ю. Шун дегнаш тӀехь самукъадалар хир ду, шедаг а локхуш, Везачу Элан лома тӀе, исраилхойн Тарха тӀе воьдучу стеган санна.
30
Везачу Эло хӀоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгӀазаллин ницкъ гойтур бу Цо цӀераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тӀулгаш санна йолу къора тохарехула а, догӀанаш даийтарехула а.
31
Везачу Элан аз хезча, ашурхой, кхерабелла, бегош хир бу. ГӀожаца санна, царна таӀзар дийр ду Цо.
32
Везачу Эло царна Шен гӀаж мосазза туху, етташ жиргӀа а, локхуш дечиг-пондар а хир бу. Хьалаайинчу куьйгаца Цо тӀом бийр бу цаьрца.
33
Дукха хенахь дуьйна Тупат цӀе йолу меттиг кечйина ю, цигахь цӀе латорхьама. И меттиг Ашуран паччахьна лерина ю. Иза кӀорга а, шуьйра а ю. Цу цӀерга туьллуш алссам дечиг ду, иза йоккха хилийта. Везачу Эло мох тоьхча, саьмгал санна, хьалалетар ю иза.
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66