bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 58
Isaiah 58
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 57
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 59 →
1
Везачу Эло боху: «ЧӀоггӀа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маӀах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тӀаьхьенна цуьнан къинош а дӀахаийта.
2
Цара хӀора дийнахь лоьху Со. Сан некъаш довза а лууш долуш санна а, нийсонца лелаш долуш санна а, шен Делан лаамаш дӀа ца тосуш долуш санна а долу халкъ ду иза. Цара нийсонца гӀуллакх къасторах хоьтту Соьга, Далла гергакхача лууш санна а бу уьш».
3
Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хӀунда ца го иза? Тхо кӀезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хӀунда ца бо Ахь?» Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тӀедуьллу.
4
Марха а кхобуш, аш девнаш доху, эгӀа а оьгӀу, иштта буйнаш детташ лета. Лакхахь шайн аз хазийтархьама, ца кхобу аш цу хенахь марха.
5
Иштта дуй те Суна лууш долу марха, стага шена ницкъ бен а, маргӀало санна, шен корта охьатаӀабен а, шена кӀел сингаттаман бедарш а, чим а туьйсу де? Цунах олу ахь марха долу а, Везачу Элана дезаш долу а де?
6
ХӀара ду Суна лууш долу марха: харцонан гӀоьмаш дӀаяха, дезачу дуькъан машшаш дӀадаста, Ӏазапехь берш паргӀатбаха, муьлхха а дукъ дохаде,
7
мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цӀа чу бига, верзинчунна тӀе бедар юха, хьайн гергарчух дӀа ма лачкъа.
8
ТӀаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дӀагӀур ю, Везачу Элан сийлалла а тӀаьхьадогӀур ду хьуна.
9
Ахь кхайкхича, Везачу Элана хезар ду, ахь орца даьккхича, Цо эр ду: „Со кхузахь ву!“ Ахь хьо волчуьра Ӏазап латтор дӀа а даккхахь, пӀелг айарца стаг бехкеван а, стаг сийсазвеш долу къамел а сацадахь,
10
доллучу синца мецачунна яа хӀума а лахь, гӀело ловш волчун дог а эцахь, тӀаккха хьан серло кхетар ю боданехь, хьан бода делкъе санна хир бу.
11
Веза Эла гуттар а хьан тхьамда хир ву. Цо, йокъа хӀоьттича, хьуна оьшург латтор ду, хьан даьӀахкаш чӀагӀйийр ю, тӀаккха хьо хих Ӏабийна беш санна а, цкъа а хи ца кхачош долу хьоста санна а хир ву.
12
Хьан халкъо юхаметтахӀиттор ю шира херцораш, юха а дӀахӀиттор ду дуккха а тӀаьхьенаша дитина цӀенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Ӏархьама, юхаметтахӀиттош верг а эр ду».
13
«Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гӀуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гӀуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь,
14
хьуна Везачу Элаца хиларан хазахетар карор ду. Ас хьо лаьттан лакхенашка хьалавоккхур ву, Якъубана, хьан дена кхаьчна болчу махке зовкх хьоьгуьйтур ду». Хаа ду шуна, Везачу Эло аьлла ду иза.
← Chapter 57
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 59 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66