bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 21
Isaiah 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 22 →
1
ХӀара бу доккхачу хин йистехь йолчу яьссачу аренах болу хаам. Къилберачу аренгахь хьоькху йилбазмехаш санна, чугӀерташ бу яьссачу арара, кхерам тосуш болчу махкара.
2
Буьрса сурт ду суна гайтинарг: ямартхо ямартло еш ву, талорхо талор деш ву. Ӏейлам, тӀамца тӀегӀо цунна! Мадай, цунна го бе! Везачу Эло узарш дӀасацор ду.
3
Оцу балхо Ӏадийначу сан дегӀан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со.
4
Сан дог холчохь ду, кхерамна со вегош ву. Суна езначу маьркӀаженах къемат хилла суна.
5
Той кечдеш, охьаховша кузаш даржош — дууш а, молуш а бу нах. «ХьалагӀовтта, хьаькамаш, турсаш тӀе силам хьакха!»
6
ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта аьлла соьга: «Ваха а гӀой, хехо хӀоттаве. Шена гуш дерг схьадийцийта цуьнга.
7
Говрашна а, варрашна а, эмкалшна а тӀехь, шишша цхьаьна улло а хӀиттина, богӀу дошлой шена гича, цуьнга леррина ладогӀийта а, чӀогӀа тидам байта а».
8
Хехочо мохь хьаькхира: «Сан олахо! БӀаьвнехь лаьтташ ву со де дийне мел дели, иштта хӀора буса а ха деш ву со.
9
Шишша цхьаьна хӀиттина богӀуш дошлой а, схьабогӀуш нах а бу». Цул тӀаьхьа цо элира: «Бавел-гӀала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Ӏохкуш ду».
10
Эринчу ялтех тера долу сан халкъ! Берриге а ницкъийн Везачу Элера, Исраилан Делера, сайна хезнарг шуьга дӀакхайкхийна ас.
11
ХӀара бу тийналлин махках болу хаам. СеӀир-мехкашкара схьа мохь бетта соьга: «Хехо! Буьйсанан мел хан йисина? Хехо! Буьйсанан мел хан йисина?»
12
Хехочо жоп ло: «Ӏуьйре ю тӀейогӀуш, амма иштта буьйса а ю. Нагахь шайна лаахь, кхин цкъа схьа а дуьйлий, соьга хатта».
13
ХӀара бу Ӏаьрби-махках болу хаам. Дадданхойн къепалш, Ӏаьрби-махкарчу боьлакашкахь буьйса яккха дезар ду аша.
14
Тейма-махкара бахархой! Хьогах болчарна дуьхьал хи хьо, шайн махкара бевдда богӀучу нахана баьпкаца дуьхьалдовла,
15
хӀунда аьлча уьш даьхначу таррех а, озийначу Ӏедех а, тӀеман къизаллех а бевдда боьлху.
16
Хьалдолчу Эло элира соьга: «ТӀелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, цхьа шо далале, Къедаран тайпанан сийлалла ерриг а чекхъяьлла хир ю.
17
Къедархойн майра тӀемалой болчу Ӏадкхуссурхойх кӀеззиг берш бен дийна буьсур бац», — боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66