bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 17
Isaiah 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 18 →
1
ХӀара бу Дамасакх-гӀаланах лаьцна болу хаам. «ГӀаланаш юкъара дӀайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах.
2
ӀаруӀер-гӀалина гонах йолу гӀаланаш яссалур ю. Акха лелачу жашна юьсур ю уьш, дӀакъахко стаг а воцуш, уьстагӀий цигахь Ӏохкур ду.
3
Эпрайм-махкара чӀагӀйина гӀаланаш къайлаевр ю, ткъа Дамасакх-гӀалара паччахьалла дӀадер ду. Араман къомах бисинчарна хир ду исраилхойн сийлаллина хилларг, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
4
Оцу дийнахь иштта хир ду: Якъубан тӀаьхьенан сийлалла дӀаер ю. Хьийкъина дегӀ санна долу и халкъ азлур ду.
5
Маьрсахочо, арахь лаьтта кӀа куьйгаца гул а дина, кенаш хедор санна хир ду иза. Репайм тогӀи чохь дисина кӀен кенаш гулдар санна хир ду иза.
6
Зайт-дитташ тӀера стоьмаш охьаэгош санна, хир ду иза. Ши-кхо стом буьххьехь а, я биъ-пхиъ дикачу гаьннаш тӀехь а буьсур бу», — боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло.
7
Цу дийнахь стеган хьажар ша Кхоьллинчуьнгахьа хир ду, цуьнан бӀаьргаш Исраилан Везачу Далла тӀехьажийна хир бу.
8
Шайн куьйгашца кечйинчу сагӀа доккхучу меттигашка, гӀо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пӀелгашца динчуьнга — Ашера-далла лерина долчу дечиган бӀогӀамашка а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерчашка а.
9
Церан чӀагӀйина гӀаланаш, ясса а елла, хьаннашкахь а, лаьмнаш тӀехь а йолчу харцорех тера хир ю. Оцу гӀаланашна чуьра нах дӀабевдда, исраилхой махкана тӀелеттачу хенахь. Цигахь дерриге а дассийна хир ду.
10
Иштта хир ду шуна шайн кӀелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дӀалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тӀера маргӀалш доьгӀна аша.
11
Шаьш маргӀалш дӀадугӀучу хенахь аша гӀайгӀа бира уьш кхиийта, Ӏуьйранна цаьрга заза даккхийтира аша, амма ялта гулдечу хенахь цунах хӀумма а хир яц — цамгар а, дӀа ца доьрзу лазарш а бен.
12
ЛадогӀа! Дуккха а халкъийн гӀовгӀа ю! Ловзабаьллачу хӀордо санна, гӀовгӀа йо цара. Къаьмнийн угӀар ду! Сиха догӀучу доккхачу хин гӀовгӀа санна, ду церан угӀар.
13
ГӀергӀаш догӀу доккха хи санна, угӀуш ду халкъаш. Дала човхийча, и къаьмнаш генна дӀадовду. Мохо лаьмнаш тӀехула идо екъа буц санна, йилбазмохо идо чан санна, лаьхкина лела уьш.
14
Суьйре тӀееача, кхерам хӀутту, амма Ӏуьйре тӀекхачале мостагӀий дӀабевлла бу. Иштта хир ду вайх хӀонс оьцучарна, и кхаж бер бу вайна талор дечарна.
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66