bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 59
Isaiah 59
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 58
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 60 →
1
Хьажал, Везачу Элан куьг шу кӀелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац.
2
Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дӀаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза!
3
ХӀунда аьлча шун куьйгаш цӀийно бехдина ду, шун пӀелгаш — къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу.
4
Бакъдолчуьнгахьа цхьаммо а аз ца айдо, нийсонца гӀуллакх цхьаммо а ца къастадо. Даьссачу дешнех а доьзна, цара харцдерг дуьйцу, зуламе хӀума дола а дой, бохам боккху.
5
Лаьхьанан хӀоаш тевна дохкий а Ӏа, маша а бузу цара. Церан хӀоаш диънарг лийр ву, нагахь уьш дохадахь, царна чуьра лаьхьа арабер бу.
6
Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тӀедухалур дац цаьрга. Церан гӀуллакхаш харцонан гӀуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг.
7
Зуламна тӀебовду церан когаш, бехк боцучун цӀий Ӏано сихло уьш. Ӏеса ю церан ойланаш, дохор а, хӀаллакьхилар а ду церан некъаш тӀехь.
8
Машаран некъ царна ца бевза, нийсо яц уьш лелачохь. Церан некъаш ситтина ду, царна тӀехула воьдучунна цхьанна а машар ца бевза.
9
Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тӀе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тӀебогӀу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Ӏаьржачу боданехь лела.
10
БӀаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бӀаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркӀажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай.
11
Черчий санна, Ӏоьху вай, кхокхарчаша санна, узарш до. Нийса кхел яре хьоьжу вай, амма иза яц, кӀелхьардовларе сатуьйсу, амма иза вайна генахь ду.
12
ХӀунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза.
13
Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Ӏехийра оха. Тхайн Делах дӀадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха.
14
Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хӀунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира.
15
Билггала дерг цхьанхьа а карош дац, ткъа зуламна гена ваьллачунна бохам хуьлу. Везачу Элана гира иза, ткъа Цунна тамехь дацара нийсо цахилар.
16
Цунна гира цхьа а цахилар, Иза цецвелира гӀо доккхуш цхьа а цахиларх. Цуьнан Шен куьйго болх бира уьш кӀелхьарбохуш, Цуьнан нийсоно гӀо дора Цунна.
17
Цо Шена тӀе, гӀагӀ санна, бакъдерг диллира, Шен коьрта тӀе кӀелхьардаккхаран гӀем а тиллира, бекхаман оба, бедар санна, тӀеоьллира, дог иракарахӀотторца Шен дегӀ хьулдира.
18
Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагӀашна бекхам бийр бу, хӀордан йистерчу халкъашна а царна доггӀург дӀалур ду.
19
Малхбузехь Везачу Элан цӀарах нах кхералур бу, ткъа малхбалехь — Цуьнан сийлаллех. Сиха догӀу хи санна, схьавогӀур ву Иза, Везачу Элан хӀоно дӀаэккхош волу.
20
«Цийонна а, зулам лелорна тӀера дӀайирзинчу Якъубан тӀаьхьенах болчарна а ПаргӀатбохург вогӀур ву, — боху Везачу Эло. —
21
Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хӀара бу, — боху Везачу Эло. — Сан Са а, хьуна тӀехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тӀаьхьенийн а багара хӀинца дуьйна абаденналц дӀадевр дац», — боху Везачу Эло.
← Chapter 58
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 60 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66