bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 9
Isaiah 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 10 →
1
Хьалхалерчу заманахь Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш сийсаздахийтина хиларе терра, тӀейогӀуш йолчу хенахь хӀордйистера некъ шена тӀехь болу мохк — Йордан-хил дехьа болу мохк а, кхечу къаьмнех болчу нехан болу Галилай-мохк а — сий дина хир бу.
2
Боданехь леллачу халкъана йоккха серло гира! Ӏожаллин ӀиндагӀехь болчу махкахь Ӏийначу нахана серло къеггина дӀахӀоьттира!
3
Веза Эла, Ахь дебийна и халкъ, Ахь алсамдаьккхина цуьнан хазахетар. Хьуна хьалха, ялта чудерзош санна, хӀонс йоькъуш санна, самукъадолуш ду иза.
4
ХӀунда аьлча Ахь кагдина дӀадаьккхина цунна хало йина долу дукъ а, цуьнан белшаш тӀе йиттина Ӏаса а, цунна ницкъ бинчун гӀаж а, маданхойн эскар Ахь эша-ма-дарра.
5
ТӀом бинчу тӀемалойн ерриг а мачаш яго цӀерга тосур ю. ТӀамехь цӀийх юьзна ерриг а бедарш цӀеро дӀакхоллур ю.
6
ХӀунда аьлча вайна бер дина — кӀант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тӀехь. Цунна цӀе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла.
7
Цуьнан олалла дӀасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тӀаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дӀа а хӀоттийна, цунна тӀехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хӀинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза.
8
Хьалдолчу Эло таӀзар до Якъубан тӀаьхьенна, исраилхошна хуьлу и таӀзар.
9
Цунах лаьцна хуур ду берриге а исраилхошна — Эпрайман тайпанна а, Шамран-гӀалин бахархошна а. Цу наха кураллица а, ца башарца а боху:
10
«Кибарчигаш охьаэгна, ткъа оха хьаькхна тӀулг хьалабуттур бу. Инжиран дитташ охьадетта, ткъа оха тоьлла долу кхин дитташ дугӀур ду».
11
Рицанан мостагӀий Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалбехира, ткъа Исраилан мостагӀий иракарахӀиттийра Рицанна тӀелата.
12
Арамхой малхбалера тӀелетира, пӀелаштамхой малхбузера тӀегӀоьртира, ткъа схьайиллинчу батошца цара Исраилан мохк дӀакхаьллира. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.
13
Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тӀе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо.
14
Везачу Эло Исраилан халкъан корта а, цӀога а дӀахадор ду, хурма-диттан га а, эрз а цхьана дийнахь дӀабоккхур бу.
15
Воккханиг а, цӀе яхана верг а, — иза корта бу, харцо Ӏамош волу пайхамар — иза цӀога ду.
16
Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дӀабуьгурш туьлуьйтуш бу.
17
Цу халкъа юкъара кегийрачу нахах воккхавийр вац Веза Эла, байх а, бисина Ӏачу зударех а къинхетам бийр бац Цо, хӀунда аьлча уьш берриш а Ӏесанаш а, зуламхой а бу, церан баганаша сонталла юьйцу. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.
18
Харцо цӀерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кӀохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кӀур стигала хьала а болуьйтуш.
19
Массо а ницкъийн Везачу Элан дералло махках цӀе тосу, ткъа халкъ цӀеро дӀакхоллу. Стаг шен ваша кӀелхьарваккха а ца хьожу.
20
Нах, аьтту агӀор кхевдича а, меца буьсур бу, аьрру агӀор кхевдича а, меца буьсур бу. ХӀора а шен гергарчунна тӀелетар ву.
21
Маннашан тайпано Эпрайман тайпанна дуьхьал тӀом бийр бу, Эпрайма Маннашана дуьхьал, юха и ши тайпа ЯхӀудана дуьхьал летар ду. Иза иштта делахь а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀа ца яьлла, Цуьнан куьг кхидӀа а халкъана тӀехула дӀакховдийна ду, таӀзар дархьама.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66