bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 33
Isaiah 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 34 →
1
Къа ду хьан, халкъ, чӀана даьккхина доцу чӀана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чӀана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чӀана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло.
2
Веза Эла! Къинхетам бехьа тхох, Хьох ю-кха тхан дегайовхо. Лардехьа тхо хӀора дийнахь, кӀелхьар а дахахьа, хала хан тӀееача.
3
ЧӀогӀа гӀовгӀа хезча, халкъаш дӀадовдур ду. Хьо хьалагӀаьттича, къаьмнаш дӀасадаьржар ду.
4
Аша дӀаяьккхина хӀонс, цӀазо дӀакхаьллича санна, дӀалахьор ю, цӀазийн жӀуга тӀелетча санна, шун хьолана тӀелетар бу.
5
Ма сийлахь ву лакхахь Ӏаш волу Веза Эла! Нийсо ярх а, бакъдерг лелорах а хьалаюзур ю Цо Цийон.
6
Веза Эла халкъан заманашкахь чӀогӀалла хир ю. Цо алссам кӀелхьардахар лур ду, хьекъалалла а, вовзар а луш. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзна хилар — иза халкъан хазна хир ю.
7
Хьовсал, церан майра къонахий урамашкахь, гӀо доьхуш, маьхьарий хьоькхуш бу, ткъа машарна арабевлла векалш къаьхьа боьлхуш бу.
8
Некъаш а дассаделла, дӀасалелаш некъахой а бац. Барт а бохийна, цуьнан тешаш а емалбина бу, цхьа а вац лоруш.
9
Латта гӀайгӀа а еш, гӀел а луш Ӏуьллу. Ливанунан хьаннаш тӀе эхь деана а, маргӀалйоьлла а ю. Шарон-тогӀи яьссачу аренах таръелла. Башан-мохк а, Кармал-лам а дерзина девлла, шайн дитташ тӀера гӀаш охьа а эгна.
10
«ХӀинца Со гӀоттур ву, — боху Везачу Эло. — ХӀинца Со лекха а, веза а хилар гойтур ду Ас.
11
Аш хӀиттош йолу Ӏалашонаш эрна ю, хӀора аш деш долу гӀуллакх пайденна дац. Шун садеӀар шу дӀакхоллу йолу цӀе ю.
12
Кхехкаш болу кир санна, халкъаш дохийна хир ду, хедийна коканан коьллаш санна, цӀерга кхуьссур ду уьш.
13
Аша, генарчара, ладогӀа Ас динчуьнга, ткъа шуна, уллорачарна, бовза Сан ницкъ!»
14
Цийон-лома тӀехь болу къинош летийнарш кхералуш бу, Ӏеса нах бегош бу: «Вайх мила Ӏалур ву дерриг а дӀакхоллучу цӀерана уллохь? Вайх мила Ӏалур ву йовр йоцучу цӀерана уллохь?»
15
Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хӀума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дӀакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бӀаьргаш дӀакъовлуш верг а ву —
16
иштта волу стаг лакхенашкахь Ӏаш хир ву, иза къайлаваьлла меттиг лаьмнийн гӀап хир ю. Цунна бепиг а латтор ду, хих а хедар вац иза.
17
Хьан бӀаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду.
18
Хьуна дагахь лаьттар ду хьалха хилла Ӏазапаш: «Мичахь ву адамаш дӀаяздеш лелларг? Мичахь ву ял йоккхуш верг? Мичахь ву бӀаьвнаш лоруш верг?»
19
Хьуна кхин гур дац Ӏаьржа а, ца кхеташ а долу къамел а, тамашийна а, ца бевзаш а болу мотт буьйцу дегала халкъ.
20
Вайн синкъераман гуламаш хуьлучу гӀалане Цийоне дӀахьажал. Хьан бӀаьргашна Ярушалайм гур ю, иза машаре меттиг а, меттахдаккхалур доцу четар а ду. Иза чӀагӀдеш тоьхна долу хьостамаш цкъа а схьадевр дац, цуьнан цхьа а муш хедар бац.
21
Цигахь Сийлахь волу Веза Эла вайна шуьйра хиш а, Ӏовраш а санна хир ву. МостагӀийн пийсакашца лелош долу а, четарца лелош долу а хинкеманаш чудогӀур дац цига.
22
ХӀунда аьлча Веза Эла вайн кхелахо ву, Веза Эла вайн Ӏедал кхоллархо ву, Веза Эла вайн паччахь ву. Цо кӀелхьардохур ду вай.
23
МостагӀчун машшаш лагӀделла, цаьрга мачтанаш а ца латтало, четарш а ца лелало. ТӀаккха йоккха хӀонс екъар хир ду, ур-атталла астагӀчара а схьаяьхна хӀуманаш дӀаяхьар ю.
24
Цийонехь Ӏаш волчо цхьаммо а эр дац: «Со цомгуш ву». Цигахь бехаш болчеран массеран а къиношна гечдина хир ду.
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66