bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 23
Isaiah 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 24 →
1
ХӀара бу Цора-гӀаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богӀу кемалелорхой, Цора-гӀала йохийна йолу дела. Цуьнан цӀенош а, хӀордкеманаш тӀедогӀийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара.
2
ГӀайгӀане хила, хӀордан йистера бахархой! ХӀорда тӀехула лелаш болчу ЦӀадан-гӀалара совдегарша шу хьаладузура.
3
Шихьор-хин уллора кӀа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тӀехула цу гӀали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гӀаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира.
4
Эхь хета, ЦӀадан-гӀала, хӀунда аьлча хӀордо — хӀордан чӀагӀоно — боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кӀентий а, йоӀарий а ца кхиийна ас».
5
Мисархошка хабар дӀакхаьчча, Цора-гӀаланах дерг а хезна, холчу хӀуьттур бу уьш.
6
Таршаш-махка дӀакхалха! ХӀордан йистехь бехаш берш, белха!
7
Ширачу заманахь дуьйна лаьтташ йолу, хӀетахь йоккхаеш йолу шун гӀала хӀара юй? Генарчу мехкашкахь Ӏархьама, цу гӀалара нах хьалха лелаш хилла.
8
Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дӀасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гӀалина хьанна дагадеана иза?
9
Массо а ницкъийн Везачу Элана дагадеана, сийлаллин деза деттар дохорхьама а, дуьнен чохь цӀеяхана берш кӀезиг хетийтархьама а.
10
Нил-хи санна, паргӀат лела шайн лаьттахула, Таршаш-мехкан бахархой, кхин новкъарло яц шуна.
11
Шен куьг хӀорда тӀехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаӀан-мехкан гӀепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло.
12
Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоӀстаг санна йолу ЦӀадан-гӀала! Хьала а гӀовттий, Хитам-махка гӀо, гӀалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна».
13
Дагадаийта хашадхойн махках хилларг. Хашадхойн къам кхин дац. Церан махках ашурхоша яьссачу аренан дийнаташ Ӏаш йолу меттиг йинера. Ашурхоша, цигахь тӀеман бӀаьвнаш дӀа а хӀиттийна, мехкан гӀепаш йоха а йина, царах харцораш йинера.
14
Белха, Таршаш-мехкан кемалелорхой! Шун гӀап йохийна.
15
Хан тӀекхочур ю, Цора-гӀала кхузткъе итт шарна — цхьана паччахьан оьмаран ханна — йицлур йолу. Ткъа кхузткъе итт шо чекхдаьлча, Цора-гӀалина эшарехь дуьйцучу кхахьпанна хилларг хир ду:
16
«Хьайн мерз-пондар схьа а эций, гӀалахула долало, дицделла кхахьпа! Эшарш дика лакха, хьо дагаяийта».
17
Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гӀала, таӀзар динчул тӀаьхьа паргӀатйоккхур ю. И гӀала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш.
18
Везачу Элана дӀакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДӀа а къевлина, Ӏалашдеш хир дац гулдинарг, хӀунда аьлча Везачу Элана уллохь Ӏаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хӀума яийтархьама а, дика бедар тӀейохийтархьама а.
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66