bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 56
Isaiah 56
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 55
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 57 →
1
Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хӀунда аьлча Сан кӀелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю.
2
Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а».
3
Везачу Элана тӀаьхьахӀоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дӀакъастор ву». ВаьӀна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац».
4
Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьӀначарна
5
Сайн цӀа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дӀахӀоттор ю Аса, ткъа нехан кӀентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цӀе лур ю Ас царна».
6
Везачу Элана гӀуллакх дан а, Цуьнан цӀе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тӀаьхьахӀиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чӀогӀа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш
7
буьгур бу Ас Сайн безачу лам тӀе. ДоӀанаш дечу Сайн цӀа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагӀа доккхучу Сан кхерча тӀехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагӀанаш тӀеоьцур ду Ас, хӀунда аьлча Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу.
8
ДӀасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тӀе кхин а гулбийр бу Ас».
9
Аренан массо а акхарой, схьаюьйла! Хьуьнан массо а акхарой, схьаюьйла, дӀадаа!
10
Исраилхойн хехой бӀаьрзе а, хӀумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жӀаьлеш ду, лата а ца хууш, Ӏахка а Ӏохкуш, гӀенаш а гуш, набъяр а дезаш.
11
Уьш Ӏебар доцу а, сутара а жӀаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Ӏуй бу: массо а шен новкъа дӀавирзина ву, хӀора а шена пайда лоьхуш ву.
12
«Схьадуьйла, — боху цара, — суна чагӀар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а».
← Chapter 55
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 57 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66