bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 24
Isaiah 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 25 →
1
Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тӀера бахархой дӀасабаржор бу Цо.
2
Халкъана хиндерг динан дена а хир ду, ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамдена а хир ду, зуда-ялхочунна хиндерг цуьнан хӀусамнанна а хир ду, оьцучунна хиндерг юхкучунна а хир ду, духалург доьхучунна хиндерг духалург лочунна а хир ду, ял лочунна хиндерг ял йоккхучунна а хир ду.
3
Латта дассийна а, чӀана даьккхина а хир ду, хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара дош аьлла.
4
Латта латкъам беш а, лекъаш а ду. Дерриге а дуьне гӀеллуш а, маргӀалдулуш а ду. Лаьттан халкъан лекханаш а гӀеллуш бу.
5
Латта шен бахархоша бехдина лаьтта, хӀунда аьлча товрат-хьехамаш цара лар ца бора, Делан парзийн тидам ца бора, ткъа гуттаренна а бина барт цара бохабора.
6
Цу бахьанина латта неӀалто дӀакхоллу, ткъа цунна тӀехь Ӏаш болчара шайн къиношна доггӀург дӀакхоьхьу. Цу бахьанина лаьтта тӀера бахархой морцуш бу, цхьа кӀезиг бен ца буьтуш.
7
Къона чагӀар латкъам беш ду, ткъа кемсийн таьллангаш маргӀалъюлуш ю. Хьалха самукъане хилларш хӀинца гӀайгӀане бу.
8
Вотанашца самукъадаккхар а дӀадаьлла, самукъадолучийн гӀовгӀа а сецна, пондарийн аьзнаш а дӀатийна.
9
Эшарш а лоькхуш, наха кхин чагӀар ца молу. Молучийн ниха а къаьхьа ду.
10
Яссаелла гӀала йохийна ю, цӀенош саьлнаша дӀакъевлина ду, чуваха аьтто боцуш.
11
ЧагӀар ца хиларна, маьхьарий детташ бу урамашкахь нах, муьлхха а хазахетар кхоьлина ду, муьлхха а самукъадалар лаьтта тӀера дӀаэккхийна.
12
ГӀала яссаелла ю, гӀалин ков а доьхна Ӏуьллуш ду.
13
Массанхьа а дуьненахь, дерриге а къаьмнашна юкъахь иштта хир ду. ТӀаьххьара стоьмаш зайт-диттан тӀера эгорхьама, дитташ тӀе гӀожмаш тохар санна хир ду. Кемсаш схьалахьийча, цхьайолу кемсаш бен ца йисча санна хир ду.
14
Синкъерамца шайн аз ойур ду бисначара, малхбузера Везачу Элан возаллех мохь тухур бу цара.
15
Хаставе Веза Эла малхбалехь, хӀордан йистехь долчу латтанаш тӀехь хастае Везачу Элан, Исраилан Делан, цӀе.
16
Дуьненан йистера эшарш хеза вайна: «Хастам бу нийсо лелош Волчунна!» Амма аса элира: «Дог доьхна ву со! Эшийна лаьтта со! Къа ду сан! Ямартхой кхидӀа Ӏехабеш бу. Шайн мекарлонца уьш ямартло еш бу».
17
Ӏадор а, ор а, гур а бу хьуна, лаьтта тӀера вахархо!
18
Ӏадоран маьхьарх веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву. Стигалара, неӀарш дӀа а йиллина, Ӏовраш чухоьцур ю, лаьттан бух бегалур бу.
19
Латта декъалуш ду, латта аталуш ду, иза чӀогӀа дегош ду.
20
Вехна стаг санна, лесташ ду латта, ага санна, техкаш ду иза. Цуьнан аьрхалла, беза мохь санна, ю цунна тӀехь тоттуш. Цкъа охьадоьжна долу иза кхин гӀоттур дац.
21
Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а.
22
Цхьаьна а тоьхна, тутмакхаш санна, ор чу боьхкина а, набахти чу боьхкина а хир бу уьш. Дуккха а денош дӀадевлча, таӀзар дийр ду царна.
23
Бутт а цӀийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь болчу Цийон-лома тӀера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 25 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66