bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 28
Isaiah 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 29 →
1
Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргӀалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогӀин коьрта тӀехь ду, амма тогӀин бахархой чагӀаро бахийна Ӏохкуш бу!
2
Хьалдолчу Элан чӀогӀа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догӀу догӀа санна а, хӀаллакдеш болу мох санна а, чӀогӀа хитӀедалар санна а тӀелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду.
3
Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар.
4
Токхечу тогӀин коьрта тӀехь долу а, маргӀалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю — хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза.
5
Цу дийнахь массо а ницкъийн Веза Эла исбаьхьа кочар а, хаза таж а хилла дӀахӀуттур ву Шен халкъах бисначарна.
6
Цо кхелахошна нийсонца кхел яран лаам лур бу, ткъа гӀалин кевнера мостагӀий дӀалохкучарна доьналла лур ду.
7
ЧагӀаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу — уьш чагӀаро галбоху. ЧагӀаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хӀиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гӀуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу.
8
Массо а стоьла тӀехь Ӏеттораш ю, цхьанхьа а цӀена меттиг яц.
9
Цара боху: «Мила Ӏамо гӀерташ ву иза? Хьанна хьекъал луш ву иза шен хьехамца? Дакхочуьра дӀадаьхначу кегийчу берашний?
10
ХӀунда аьлча „весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма“».
11
Делахь а, бур-бур деш долчийн балдашкахула а, хийра мотт буьйцучаьргахула а Дала цу халкъе къамел дийр ду.
12
Цаьрга бехира Цо: «ХӀара садаӀа меттиг ю, синтеме меттиг ю хӀара кӀадбеллачарна садаӀа!» Амма царна ладогӀа ца лиира.
13
ТӀаккха царна Везачу Элан дешнаш хӀорш хир ду: «Весета тӀе весет ду, весета тӀе весет ду, бакъонна тӀе бакъо ю, бакъонна тӀе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма». Уьш, дӀа а бахана, аркъал а кхетта, хӀаллакьхир бу, гура чу а нисбелла, дӀалоцур бу.
14
Везачу Элан даше ладогӀа, кхаьрдаш болу куьйгалхой, Ярушалаймера оцу халкъана тӀехь олалла деш болу.
15
Аша боху: «Ӏожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, иза тхуна тӀе кхочур дац, хӀунда аьлча оха харцонах тхайн дӀалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина».
16
Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тӀе тӀулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тӀулг бу, ткъа иза соне буьхана дӀахӀоттийна бу. Цунах тешна Ӏаш верг ведда дӀаваха везаш вац.
17
Бакъдолчух юстаран тӀийраг а, нийсонах гӀишло юстаран гирс а бийр бу Аса». Харцо дӀалечкъина меттиг къора тоьхна йохор ю, ткъа шу къайладахаран меттиг хиша дӀайохур ю.
18
Аша Ӏожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитӀедалар санна, чугӀиртича, цо шу охьатухур ду.
19
Юх-юха цо, шу охьа а тухуш, схьалоьцур ду. ХӀора Ӏуьйранна иза шуна тӀелетар ву. Дийнахь а, буьйсанна а иза тӀелетар ву. Везачу Элан хаамах шаьш кхетташехь, шу Ӏадийна лаьттар ду.
20
ДӀавуьжу мотт боца хир бу — ког дӀахеца, юргӀа готта хир ду — цу юкъа хьарча.
21
Веза Эла гӀоттур ву, Паруцим-лам тӀехь санна, Иза оьгӀазгӀур ву, ГавӀонан тогӀи чохь санна, Цо Шен шатайпа гӀуллакх дийр ду, вай кхеташ боцуш болу Шен болх бийр бу Цо.
22
Шаьш кхин а чӀогӀа холчу ца хӀиттийта, кхаьрдачуьра совца дезаш ду шу. Суна хезна массо а ницкъийн Везачу Элера, хӀаллакдар дерриге а лаьттана хир ду аьлла.
23
Дика ладогӀалаш ас бохучуьнга, тидам белаш сан къамеле.
24
Гуттар а хуьлий латталелорхо охуш, хӀу тасархьама? Гуттар а хуьлий иза мекха такхош шен лаьтта тӀехь?
25
ХӀан-хӀа. Латта шардинчул тӀаьхьа, цо оччаман а, цицийн а хӀуш тосу. МогӀарашкахь цо кӀа дӀадоь, билгалъяьккхинчу меттехь мукх дӀабоь, ткъа дозанашкахь Ӏов дӀайоь.
26
И къепе Дала Ӏамайо цунна. Цо хьехам бо цу стагана.
27
Ша оччам оруш цунна тӀе беза гӀирс ма ца туху, ткъа цицашкахула цергаш йолу керчол ма ца хохку латталелорхочо. Оччам, гӀаж а етташ, чкъоьргех дӀакъестайо, ткъа цицашна тӀе хьокха бен ца туху.
28
Шех бепиг до ялта хьоьшуш ду, амма иза кхоччуш ара ца деза. Ялта ору чкъургаш лелайо цунна тӀехула, амма говрашца иза хьоьшуш дац.
29
Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла!
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66