bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 46
Isaiah 46
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 45
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 47 →
1
«Вел-харцдела дог доьхна ву, Набу-харцдела охьатаьӀна ву. Оцу деланийн суьрташ хӀинца бежанашна тӀехь дӀахьош ду. Хьалха аша дӀакхехьначарах кӀадделлачу даьхнина беза мохь хилла.
2
Цхьаьний уьш дог доьхна а, охьатаьӀна а хилла. Шайн суьрташ кӀелхьар ца дахало оцу харцделанашка. ХӀинца уьш шаьш а йийсаре дӀабахана бу!
3
ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхьенах дерш — Исраилан халкъах дийна мел диснарш. Ненан кийрара схьадевлчхьана дуьйна, Ас карахь лелийна ду шу.
4
Со шун Дела ву, Ас шун гӀайгӀа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гӀо а дийр ду, шу кӀелхьар а дохур ду.
5
Аша Со хьаьнца вустур вара? Аша хьанах Со тарволуьйтур вара? Со санна, кхин мила ву?
6
Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу, терзанаш тӀехь дети узу цара. Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цӀу войту цара. Юха, цунна хьалха охьа а теӀаш, Ӏибадат до цара.
7
Шайн белшаш тӀе а вуьллий, дӀахьо цара цӀу. Шен метта дӀахӀоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кӀелхьар а ца воккху.
8
Дагадаийта иза, латтаде иза шайн коьртехь, шайн дага тӀе эца иза, аьрха нах.
9
Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг. Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац, Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац.
10
Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хӀинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Ӏалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду.
11
Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю. Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву, Сан Ӏалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама. Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду. Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду.
12
ЛадогӀа Соьга, аьрха адамаш, нийса долчунна генахь дерш.
13
Ас Сайн нийсо улло схьаеана — иза генахь яц. Ас лун долу кӀелхьардовлар хьелур дац. Цийонна кӀелхьардовлар лур ду Ас, Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю».
← Chapter 45
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 47 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66