bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Isaiah 5
Isaiah 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 6 →
1
Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тӀехь.
2
Бешара латта а аьхкина, тӀулгаш дӀа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгӀира Цо цига. Цул тӀаьхьа беша юккъехь бӀов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Ӏийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира.
3
Ткъа хӀинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхӀуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гӀуллакх къастадейша.
4
Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хӀун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Ӏаш хилча, муьста кемсаш хӀунда елла цо?
5
Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дӀайоккхур ю Аса, тӀаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тӀаккха иза массара а хьоьшур ю.
6
Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тӀаккха цу тӀехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тӀе догӀа ма даийта аьлла».
7
Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш — иза Исраилан халкъ ду, ЯхӀудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира.
8
Къа ду шун, цӀенна тӀе цӀа а, аренна тӀе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хӀокху лаьтта тӀехь доцуш санна.
9
Сан лергашна хезаш берриг а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Дуккха а долу и цӀенош даьсса хир ду, даккхий а, хаза а долу уьш чохь Ӏаш нах а боцуш хир ду.
10
Итт шуьстане цхьана дийнахь ахалучу аренал йолчу кемсийн бешо цхьа черма чагӀар бен лур дац. Пхи гали дӀадийначу хӀуьно цхьа мазал кӀа бен лур дац».
11
Къа ду, Ӏуьйранна хьалххе мала йий лаха хьала а гӀевттина, чагӀаро шаьш дох а деш, сарралц Ӏийначийн.
12
Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргӀанаш а, зурманаш а, иштта чагӀар а ду. Амма Везачу Элан гӀуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го.
13
Иштта, сан халкъ йийсаре гӀур ду, Везачу Эло дечух уьш ца кхетарна. Сан халкъан баьччанаш мацалла лийр бу, ткъа халкъах кхиберш хьогах лийр бу.
14
Эхарто, шор а делла, барам боцуш шен бага гӀаттор ю. Халкъан баьччанаш а, кхиберш а, церан гӀовгӀа а, дерриг а самукъадоккхург а цу чу охьадуссур ду.
15
Нах лахбийр бу, адамаш охьатаӀор ду, ткъа курачийн бӀаьргаш а охьахьовсуьйтур бу.
16
Ткъа массо а ницкъийн Веза Эла вазвийр ву Цо нийсо лелош хиларца, Везачу Дала бакъдерг лелорца Шен возалла гойтур ду.
17
Шайн дежийлашкахь санна, Ӏахарий дежар ду, ткъа хьолахоша дӀатесначу боьхначу бахамашкахь хийрачу наха хӀума кхоллур ю.
18
Харцонийн машшашца шайна тӀаьхьа къа кхоьхьучеран а, гӀудалкхийн доьхкаршца санна, зулам шайна тӀеийзочеран а къа ду.
19
Цара боху: «Дела сихлойла, Ша аьлларг Цо сиха кхочушдойла, вайна иза гархьама. Схьакхочийла иза, Исраилан халкъан Везачу Делан сацам кхочушбойла, вайна иза хаархьама!»
20
Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета!
21
Къа ду шаьш шайна хьекъал долуш а, кхетам болуш а хетачийн!
22
Къа ду чагӀар мала майрачийн а, чӀогӀа малар кечдан говзачийн а.
23
Цара харцверг бакъво, шайна кхаьънаш делча, ткъа догцӀеначарна нийсаниг дан ца магадо!
24
ЦӀеро ча дӀакхаллар санна а, екъа буц цӀеран алунашкахь дӀаялар санна а, церан орам телхар бу, ткъа церан заза, чан санна, дӀасадер ду, хӀунда аьлча цара Берриг а ницкъийн Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесна, Исраилан Везачу Делан дашах ца баьшна уьш.
25
Цу бахьаненна Везачу Эло оьгӀазалла Шен халкъана тӀе йоссор ю, Цо, тӀе куьг а кховдийна, таӀзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Ӏохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгӀазалла дӀаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дӀакховдийна лаьтташ хир ду.
26
Дала генарчу халкъашна байракх хьалаойур ю, лаьттан йистошкахь Ӏачарна билгало лур ю. Хьажал, мостагӀа сиха а, атта а схьакхочуш ву!
27
Царна юкъара цхьа а кӀад ца ло, цхьаннан а ког а ца тасало. Царах цхьанна а наб оза ца йо, цхьа а ца тхьаьвса. Цхьаммо а гӀодаюкъ а ца йосту, цхьаннан а мачийн бахтар а ца хеда.
28
МостагӀчун пхерчий ира ду, Ӏедаш дуьйлина ду, цуьнан говрийн бергаш мокхазах тера ю, гӀудалкхийн чкъургаш, мох санна, хьийзаш ю.
29
Цо яьккхина гӀовгӀа лоьман санна ю, цо до гӀигӀ къоначу лоьмийн Ӏахарх тера ду. МостагӀчо, гӀигӀ а деш, бовда гӀерта нах схьалоьцу, цхьаммо а уьш цуьнгара схьабохур бац.
30
Оцу дийнахь марсбаьллачу хӀордо ен гӀовгӀа санна лаьтта тӀехь мостагӀа гӀергӀаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дӀакхоллур ю.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 53
Chapter 54
Chapter 55
Chapter 56
Chapter 57
Chapter 58
Chapter 59
Chapter 60
Chapter 61
Chapter 62
Chapter 63
Chapter 64
Chapter 65
Chapter 66
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52
53
54
55
56
57
58
59
60
61
62
63
64
65
66